menu-iconlogo
huatong
huatong
--cover-image

Йоьхна |уьйре

Марха Макаеваhuatong
nkirbyhuatong
歌詞
収録
Йоьхна 1уьйре яйрий шуна?

Йоьхна суьйре яйрий шуна?

Сой сан Мамий вовшах йолуш,

Ва доьхна де дайрий шуна?

1уьйре мел ю со д1ахьажий,

Суьйре мел ю со д1ахьажий.

Дуьне мел ду со д1ахьажий,

Ма д1аяха йина Нана.

Хьо ва соьха йолий хиънехь,

Со ва хьоьха йолий хиънехь.

Йоьхар яра Везчу Деле,

Суна нана оьшар аьлла.

Сийна стигал юрг1а дина,

1аьржа латта г1ойле йина.

Делан къайле шеца йолуш,

1уьллуш хир ю йина Нана.

Со м суьйранна ара йолу.

Сайн нийсаршка г1ийла хьоьжу.

Сан хиллий те Дадий Мамий,

Со ойлане юха южу.

Наха йина Нана яц сан,

Наха вина Дада вац сан.

Дела кхел ца лелча ца йолу,

Со м реза ю Везчу Далла.

Дела кхел ца лелча ца йолу,

Со м реза ю Везчу Далла.

Дела кхел ца лелча ца йолу,

Со м реза ю Везчу Далла...

Марха Макаеваの他の作品

総て見るlogo

あなたにおすすめ